1986 шо
Арахьара хатӀ
(1986 тӀера хьажжина кхуза)
Шераш |
---|
1982 · 1983 · 1984 · 1985 — 1986 — 1987 · 1988 · 1989 · 1990 |
Итта шераш |
1960‑гӀа · 1970‑гӀа — 1980‑гӀа — 1990‑гӀа · 2000‑гӀа |
БӀешераш |
XIX бӀешо — XX бӀешо — XXI бӀешо |
Оцу шарахь хилларш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1986 шеран 18 январехь Каркошка астрономас а, «Вояджер-2» космосан станцис а Уранан спутник Пердита гучуяккхира.
Оцу шарахь бинарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Азуев, Мохьмад (1986 шеран 5 июнь) — Испанехь Ӏаш волу нохчийн кикбоксёр, каратист, боксёр, 4-за Испанин а, Европин а кикбоксинган чемпион;
- Амагов, Ӏадлан Майрбекович (1986 шеран 27 август) — ийина кепара латархо;
- Ахмаев, Ильяс Супьянович (1986 шеран 5 апрель) — нохчийн ийина кепара латархо, грэпплинган а, джиу-джитсун а, тӀеман самбон а Российн чемпион, ийина кепара латарийн Ӏаьржа хӀордан Кад баьккхинарг;
- Батаев, Эльдар Исрапилович (1986 шеран 4 октябрь) — нохчийн паргӀата кепара латархо, 2008 шарахь Российн чемпионатан совгӀатхо, Российн спортан говзанча;
- Болтукаев, Анзор Адамович (1986 шеран 5 апрель) — нохчийн паргӀата кепара латархо, Российн спортан говзанча, Российн чемпион а, совгӀатхо а, дуьненан чемпионатан борзанан совгӀатхо;
- Касумов, Заур (1986 шеран 11 сентябрь) — нохчийн ийина кепара латархо, тайн боксан а, чуччавахана латаран а Российн чемпион, микс-комбатан дуьненан чемпион, тайн боксан Российн спортан говзанча;
- Масхадова, Аминат (1986 шо) — еза атлетикин а, паргӀата кепар латаран а яхьаллонашкахь дакъа лоцуш йолу хьалхара нохчийн йоӀ, Российн спортан говзанча, масийттаза Российн еза атлетикин чемпионатийн а, турнирийн а толамхо а, совгӀатхо а;
- Шидаев, Сухраб (1986 шеран 9 ноябрь) — нохчийн боксёр, Российн чемпионатан совгӀатхо, студенташна йукъахь Европин чемпион;
- Яхиханов, Рустам Хожаевич (1986 шеран 20 июль) — нохчийн исбаьхьалча, Российн исбаьхьалчийн бертан декъашхо.
Оцу шарахь белларш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Висаитов, Мавлид Алероевич (1913 шеран 13 май — 1986 шеран 23 май) — 28 гвардейски дошлойн полкан командир (6 гвардейски дошлойн дивизи, 2 Белоруссин фронт) гвардин подполковник, Советски Союзан Турпал.
- Окуев, Шима Хамидович (1937 шеран 6 ноябрь — 1986 шеран 16 декабрь) — нохчийн йаздархо, Нохч-ГӀалгӀай АССРн а, СССР а йаздархойн тобаний декъашхо.
- Борхес, Хорхе Луис (1899 шеран 24 август — 1986 шеран 14 июнь) — аргентинхойн прозаик а, поэт а, публицист а.
- Бовуар, Симона де (1908 шеран 9 январь — 1986 шеран 14 апрель) — французийн йаздархо, философ, феминизман идеолог.
ХӀокху йаззаман чохь хӀиттийна йац теман категореш. |