Ӏовхойн ШаӀин
Ӏовхойн ШаӀин — 8 бӀешарахь хила хазарийн баьчча, Ӏаьрбийн-хазарийн тӀеман декъашхо.
ЦӀера Ӏовхойн ШаӀин хилла Ӏовхойн махкара нохчо. Хазаршца Ӏовхой хилла экономикин зӀе, иза бакъ хилар гойту ГӀачалкъан уллехь динчу ахкаро.
Хьехош ву Ю. А. Айдаевн «Чеченцы: история и современность» цӀе йолу жайна тӀехь хьалхара хьаст билгала ца йокхуш. Вуьйцуш ву аьккхийн корта а, хазарийн а, Ӏаьрбийн а тӀеман декъашхо а санна. Авторо боху хзарийн эскарехь иза шолгӀа стаг хила[1].
Ӏовхойн ШаӀин хазарийн эскаран йукъахь йолу Ӏовхойн тобана куьйгалла деш хилла. Иза бакъдо нохчий Хазарийн каганатан йукъа богӀуш хиларо, схьахетарехь нохчий оцу каганатана муьтӀахь хилла.
735−736 шарашкахь Ӏаьрбийн баьчча Мервана тарделира «Хасни-Хиснумма» (ГӀазар-ГӀала) гӀап йохо а, Ӏовхойн «Кеше» («Кешен», Кешне) цӀе йолу гӀап дӀалаца. Оцу гӀапнийн бахархой хилла Ӏовхой. Ткъа ша Ӏовхойн ШаӀин йийсаре лаьцна [2].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Айдаев Ю. А. Чеченцы: история и современность. М.:" Мир дому твоему", 1996. С.193.
- ↑ Согласно книге Дербенд-наме под редакцией М. Алиханова-Аварского крепости пали именно в таком порядке.