Эстемирова, Наталья Хусаиновна
Наталья Хусаиновна Эстемирова | |
---|---|
оьрс. Наталья Эстемирова | |
ГӀуллакхан тайпа | журналист, бакъоларйархо, юрист |
Йина терахь | 1958 шеран 28 февраль |
Йина меттиг | |
Кхелхина терахь | 2009 шеран 15 июль[1] (51 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Да | Хусейн Эстемиров |
Нана | Клавдия Агеева |
Бераш | Лана Эстемирова |
Динлелор | ислам |
СовгӀаташ |
"Анна Политковская цIарах" преми; Робер Шуман цIарах медал; "The Right Livelihood Award" преми. |
Наталья Хусаиновна Эстемирова Викилармехь |
Эстемирова Наталья Хусайнан йоI (1958 шеран 28 февраль, Камышлов, Свердловскан область — 2009 шеран 15 июль[1], ГӀаьзи-Йурт, ГIалгIайчоь) — российски бакъоларйархо, журналист, «Мемориал» цӀе йолу бакъоларйаран центран белхало. Дуьнен чу йаьлла 1958-чу шеран 28 фервалехь Камышлов гӀалахь- йийна 2009 шеран 15 июлехь Гази-юртахь, ГӀалгӀай махкахь.
Дахар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Наталья Эстемирован да Хусейн къоман нохчи вара. Дерриг нохчийн къам санна иза шен доьзалца Сибрехьа вахийтан хиллера 1944-чу шеран 23-чу февралехь. Казахстанер цIа даха бакъо йелча Хусейн Урале кхечира. Цигахь цуьнан безам кхитира Клавдия бохуш оьрси йоIига. Хусейнан а, Клавдиян а йиъ йоI йара. Царех йоккханаг- Наталья йара.Уьш Iаш бара Камышловехь, цигахь Натальяс чаккхйаьккхира ишкола а, хьехархойн училище а. Цуьнан специализаци- йуьхьенцара ишколан хьехархо йара.
Дешар а, белхаш а.
[бӀаьра нисйан | нисйан]Натальяс чекхйаккхара Нохчийн-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан исторически факультет. 1998 шо кхаччалц историн хьехархо болх бира цо Cоьлжа-ГIалин йуккъера №7 ишколехь. Йуха болайелира цуьнан бакъоларйаран болх.
Тутмакхашан набахти чохь йолу хьелашан латторан Комисси йукъахь йара Эстемирова. Цо болх бора фальсификаци йина уголовни девнашца, кест-кеста изоляторшка лелара, нахан таIзарш дарехь дуьйцура, таллам бора адамаш лачкъдина меттигашкахь а.
Эстемирова йер
[бӀаьра нисйан | нисйан]Московки «Human Rights Watch» бюрон куьйгалхочо Татьяна Локшинас дийцарехь, 2009-чу шеран 15-чу июлехь 08:30 долуш шен цӀен гена доцуш девзаш доцуш адамаш лачкъира Наталья. Наталья шен хеннахь балха ца еара, цундела орца даьккхира «Мемориалан» белхалоша. Цул тӀаьхьа, Богдан Хмельницки ураме кхечира уьш. Цигахь ши тоьшалхочо тоьшал дира, Наталья кӀайн ВАЗ чу таттар, Натальяс мох туьйхира ша лачкъ йеш йу аьлла.
Россин Прокуратуран следственни комитетан пресс-секретарь Владимир Маркинс дийцарехь, федеральни трасс «Кавказ» гена доцуш карийна коьрт чу а, накха чу йиттина тоьпаштоьхна зудчун дегӀ. Иза дара ГӀаьзи-Юртахь а. Цуьнан тӀоьрмиг чохь Наталья Эстемирова цӀарах паспорт а, удостоверени а дара. [1]
2009-чу шеран 16 июлехь Соьлжа-гIалахь Наталья Эстемирован тезет хоьттира. Цига 100-500 веара. Цул тIаьхьа, Эстемирова дIайоьллира Гуьмсан-кIоштан Ишхой-Эвлахь.
Доьзал
[бӀаьра нисйан | нисйан]Да Ишхой-Эвлахь вина, къоман- нохчи вара, нана- оьрси йу.
Наталья йисина Iаш йара. Цуьнан майра вина дукха хан йара.
Натальян йоI- Лана Сайдаминовна Эстемирова йина 1994-чу шарахь. Бобер йисича, иза Йоккха Британи деша йахара. ХIинца Лондонехь Iаш йу. Цо чекхйаьккхира Лондонан экономикин а, политикин а ишкола. Цуьнан специализаци «халкъашна йуккъера йукъаметтигаш» йу. Лана марехь йу, иза йаздархо а, жигархо а йу.
Натальян йиша Светлана а, ваша Леонид а Екатеринбургехь Iаш бу.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 Russian activist 'found murdered' (инг.) // BBC News Online — 2009.