Чулацаман тӀегӀо

Шедала хи

42°39′32″ къ. ш. 45°09′33″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Шедала хи
гуьрж. შატილისწყალი
Сурт
Амал
Дохалла 10 км
Бассейн 43 км²
ДӀаэхар
Хьост (B)  
 • Эрк долу меттиг Караты ломан гергахь
 • Локхалла 2595 м
 • Координаташ 42°41′33″ къ. ш. 45°07′01″ м. д.HGЯO
Хикхоче (B) Орга
 • Эрк чекхдолу меттиг 126 км аьрру бердаца
 • Локхалла 1409 м
 • Координаташ 42°39′32″ къ. ш. 45°09′33″ м. д.HGЯO
Хин охьане 118,6 м/км
Эрк долу меттиг
Хин система Орга → Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд

Пачхьалкх
Регион Мцхета-Мтианети
КӀошт Душетийн муниципалитет
Шедала хи (Мцхета-Мтианети)
хьост
хикхоче

Шедала хи[1][2][3][4] (гуьрж. შატილისწყალი, Шедала) — историн-географин областера Пхейн-Махкара ломан эрк, охьадогӀу Гуьржийчоьнан къилбаседа-малхбалехула, Душетийн муниципалитетан Мцхета-Мтианети махкахула. Орган аьрру га.

Эркан цӀе масех декъах лаьтташ йу: гуьрж. შატილი (шатили), гочдо вайнехан меттанашкара Шенийн мохк; гуьрж. -ის (-ис) — доланиг дожарера суффикс; гуьрж. წყალი (цкъали) — хи, эрк[1][5]. ЖамӀ дича хуьлу — Шейн мехкан эрк.

Эркан хьосташ ду 2412 м хӀордан тӀегӀанал лакхахь, Караты (2912 м) а, Махисмагали (3890 м) а лаьмнийн басешна йукъахь, Российн-гуьржийн дозан гергахь. Лакхенашкахь охьадогӀу малхбалехьа а, къилбаседа меалхбалехьа а, тӀаккха доьрзу къилбехьа, Миткурихархи схьакхетначул тӀаьхьа хикхоче кхаччалц доьду къилба-малхбале. Эркан шоралла хикхочехь 5 м йу, кӀоргалла — 0,3 м, хин сихалла 2 м/с, эркан бух тӀулгийн бу. Шедала хин хикхоче йу Орган хикхочел 126 км лакхахь аьрру бердашца, 1395 метр хӀордан тӀегӀанал лакхахь, Шедала эвлан гергахь[2][3][4].

Шедала хин ду цӀе тиллина цхьа га — Миткурихархи[2][3] (гуьрж. მითხულის-წყალი). Иза кхета Шедала хих аьтту агӀора, хьостал 2 километр гергга лакхахь, 1542 м хӀордан тӀегӀанал лакахб[2][6].

Эркан уллехь лаьтташ цхьа эвла бен йац — Шедала, Цигахь Шедала эркан тӀехула тесна масех тӀай ду[4][6].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 А. В. Твердый. Топонимический словарь Кавказа. — Краснодар: Краснодарское кн. изд-во, 2011.
  2. 1 2 3 4 Картан кехат K-38-43-В.
  3. 1 2 3 Лист карты K-38-43 Ниж. Алкун. Масштаб: 1 : 100 000. Указать дату выпуска/состояния местности.K-38
  4. 1 2 3 Картин кехат K-38-55-А. Масштаб: 1:50 000. Арахецна терахь билгалде/меттиган хьалаш.
  5. Кеп:Инструкции по русской передаче географических названий
  6. 1 2 Данные получены при помощи картографического сервиса Google Maps