Чулацаман тӀегӀо

Тираж

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Тира́ж (фр. tirage) — цхьа цӀе йолчу зорбанан арахецаран экземплярийн барам бу. Термин лелайо коьртаниг арахецаран гӀуллакхна, амма наггахь «тираж» бохучу дашо билгалбоккху кхечу кхолламийн барам а, масала кинематографера фильман копийн тираж.

Муьран арахецарийн (газеташ, журналаш) тираж арахоьцучара уьш яздинчеран бараме хожжий билгалйоккху (оцу тӀе розницехь духкурш а туху); жайнин, брошюрин, кхин долчунан а тираж хӀоттайо арахоьцучара дешаран хьаштога хьаьжжина. Тиражаш йоькъу кегийрачарна (15 эзар экземпляре кхаччалц), юккъерчарна (100 эзар экземпляре кхаччалц), массийнчарна (100 эзар экземпляр сов). Массийн тиражаш полиграфин белхийн барам боккха хилар бахьна долуш дукха хьолахь завод олучохь дакъошкахь зорбатуху.

Цхьа йолу литературин кеп арахоьцуш арахецаран тиражо авторан гонораран барам а хуьйцу шега терра. РФ «Авторан бакъох а, цаьрца хӀоьттина йогӀучу бакъонех а» цӀе йолчу законо боху авторца бинчу барта тӀехь максимум тираж гайта, нагахь барто авторан кхаъ билгалбаьккхинчу барамца бийцахь.

Тиражийн кепаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Шеран — арахецараллехь я пачхьалкхехь билгалдаьккхинчу шарахь арадевллачу арахецарийн тиражийн вовшахтоьхна барам, ткъа иштта шеран муьран арахецарийн вовшахтоьхна барам.
  • ТӀетоьхна я тӀейина тираж — коьрта тираж жайнаш дохкаран маше еллачул тӀехьа, оццу рузманан шарахь, хьалхе дуьйна ян лерина йоцург яр. Терминан доккха маьӀна дара, оьшучу хенахь тиражан барам боцуш долчу арахецарх авторан кхаъ къасточу шерашкахь, тӀейина тираж юхайинчу тиражах къастош. Оцу хенахь коьрта тираж арахецначу шарахь йина йолу тӀейина тираж лорура тӀетоьхна тираж, ткъа тӀетоьхна тираж шолгӀачу шарахь йина ялахь, цхьан а хийцам бацахь а — юхадина арахецар ларара. ХӀинца, арахоьцучеран пайданах авторан кхаъ процентан дакъа кепара дӀало, тӀейина тиражан хан башхалла а йац. Авторийн кхаьънаш барам хӀоттийна хилча, законехь хӀоттайо максимум тираж, цул сов йолу тираж юхадина арахецар лору, цунна керла барт оьшу авторца, авторан керла кхаъ. Зорбанан статистикехь, шолгӀачу шарахь дина долчу жайнин тираж юхадина арахецар лору. Арахецаран билгалонаш тӀехь тиражах болу хаамашца горга къовларш чохь дешнаш догӀу: (тӀейина тиража) я (тӀетоьхна тираж).
  • Ша йолу — билгалчу муьрехь арахоьцучо (я арахоьцучара) арахецна арахецарийн тиражан барам (оцу массо а арахецарийн тиражашкара экземплярийн барам).
  • Хьажаран — тиражан долу хьашт билгалдаккхар Ӏалашо йолуш йина йолу дуьххьарлера арахецаран тираж, нагахь кхиам хилахь гучудаьлла хьашт кхочушдийр долуш тӀетоьхна тираж ярхьама, нагахь кхиам ца хилахь хьажаран тиражан йинчу харжаш тӀехь сацархьама.
  • Цкъа йина — цхьаьна арахецаран, номеран, муьран арахецаран томан тираж.
  • Юккъера — хьовсуш долчу арахецарийн ша йолу тираж церан дукхаллин бараман декъар.

XV—XVI бӀешерашкара муьрера жайнаш зорбатохарах олура инкунабулаш, дукха хьолахь церан тираж 500 экземпляр гергга хилара. 1564 шеран оьрсийн «Апостол» («Асхьаб») цӀе йолу дуьххьарлера жайнин билгалъяьккхина тайп-тайпанчу терхьашца — 600 тӀиера 2000 экземпляре кхаччалц. XVII бӀешарахь оьрсийн жайнин стандартан тираж хӀоьттира 1200 экземпляр (бӀе цӀов)[1]. Многие популярные издания превышали это число, например «Азбука» Бурцова 1634 года вышла огромным по меркам того времени тиражом в 6000 экземпляров[1]. Несмотря на общее развитие типографского дела тираж книг вплоть до 1880-х годов оставался низким — 1200 или 2400 экземпляров[2][3][4].

Муьран арахецарийн (журналаш, альманахаш, газеташ) тиражаш кӀезиг хилара. XIX бӀешераш долалуш журналан юккъера тираж 500 экземпляр хӀоьттира, наггахь долу журналаш бен, масала «Библиотека для чтения» («Дешаран библиотека»), «Северная пчела» («Къилбаседан накхармоза») я «Отечественные записки» («Даймехкан йаззамаш»), рекордашка 3—5 эзаре кхечира[3]. XIX бӀешеран шолгӀачу декъехь тиражаш тӀехь-тӀехьа кхуьуш яра: стоммачу журналан юккъера тираж 3—5 эз. экземпляр, дуткъачу — 50 эз. гергга, газетийн — 25 эз. гергга хӀоьттира[2]. Оцу муьрехь литература гӀарайоккхучех коьртаниг хилира журналашна тӀетоьхна жайнаш, масала «Родина» «Даймохк» журналан тираж тӀекхочура 120 эз.[5].

Дуьххьарлерчу «Ведомости» («Ведомосташ») цӀе йолчу российн газетан тираж техкара 30 тӀиера 4000 экземпляре[6]. 1890-гӀа шераш кхочуш цхьадолчу газетийн тираж кхочура 50—70 эз. экземпляре, 1905—1907 шерийн революцил тӀехьа газетийн тиражаш кхин а тӀекхийтира, кхечира малхбузаевропан тӀегӀане[7].

ТӀетовжарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 Московский печатный двор // Иллюстрированная энциклопедяи «Руссика». — М., 2004. — С. 330.
  2. 1 2 Рейтблат А. И. Писать поперек: Статьи по биографике, социологии и истории литературы. — М., 2014.
  3. 1 2 Ерофеев Н. А. Туманный Альбион. — М., 1982. — С. 26—29.
  4. Гессен С. Книгоиздатель Александр Пушкин. — М., 2008 [1930].
  5. Рейтблат А. И. От Бовы к Бальмонту и другие работы по исторической социологии русской литературы. — М., 2014.
  6. Есин Б. И., Кузнецов И. В. Три века московской журналистики. — М., 2015.
  7. Махонина С. Я. История русской журналистики начала XX века. — М., 2015.