Чулацаман тӀегӀо

Салой

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Къена тайпа
Салой
Этноиерархи
Раса кавказан
Йукъара хаамаш
Мотт нохчийн литиратуран мотт
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар

 Росси: хууш дац
 Нохчийчоь: хууш дац
 ГӀалгӀайчоь: хууш дац

 ДегӀаста: хууш дац
Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Ӏовх
Салойн-мохк
Салойн-мохк

Салойнохчийн тайпа, баьржина хевшина аренийн а, ломан кӀажошкара а Нохчийчоьнан декъехь, беха йарташкахь: Бена-Йурт[1], ЧӀулга-Йурт, ГӀулоз, Горагорск (Теркан кӀошт). Ткъа кхин а Нажи-Йуртахь (Нажи-Йуьртан кӀошт) а, Гермачигахь (Шелан кӀошт) а.

Тайпанан йарташ

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Саала-Йурт – хӀинца кхин къаьмнаша Кандаур-Аул олу. Хаси-Эвлан къилбаседехьа Ивгин аьтту бердаца лаьтта. Йуьрт йиллина нохчаша-Ӏовхоша[2][3].

Сал-Йурт – Ширча-Эвлан малхбалехьара меттиг. Цуьнан цӀе йоккху и йуьрт хӀинци а йолуш санна, амма иштта йуьрт йан а йац. Иза оьрсийн эскарша йагийна, ткъа дийна бисина Салой дӀасабаьржина Нохчийчоьнан кӀорге а, луларчу йарташка а. ХӀинца цигахь дежийлаш а, оханаш а ду[4].

Йаьхна ДНК тестийн жамӀаш гойту тайпа j2 гаплотобанера хилар[5].

Топонимика

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Салай а, Салатай а (XIX бӀешаран карта)

1849 шеран гурралца Жалкх хин тӀехь, Шелан къилба-малхбузехь хилла Салойн эвла, Эвла оьрсаша йохийна, бахархой кхалхийна Гермачиг йуьрта[6].

Сала-али – Нохчийчуьра ТӀехьа-Мартанан кӀоштан хи, Марта хина аьтту га. Сала-али а, Чож а шина хин юкъахь даьржина Сал а-алиен-дукъ ломан дукъ. А.В.Твердис дийцарех, цӀе схьайаьлла доларчу цӀарах «Сала» а, «али» а «хи», - «Сала» (вайн.)[7][8].

Сала-ирзу – лаьтта Бумматан юххехь. Оцу меттигехь Сала хила тарло нохчийн долдара цӀе. Вайнехан ономастикехь оцу кепара цӀераш дукха хуьлу[8].

МагӀа Сала-ирзу – Бумматан къилбехьа, Сала-али хин юххехь.

ИгӀа Сала-ирзу – Бумматан къилбехьа, Мага Сала-ирзун гергахь, Сала-али хин юххехь.

Бану-Салу – йуьрт яра Ивги а, ГӀурий а хишна юкъахь, Салах-Эвлан къилбехьа, Кхархой-Мехкан кӀоштахь[9].

Сала-суПхьарчхошкахь шен тогӀи дежийлашна лелош йолу хи[10].

Сал-эскар хьайра – Ястий хин тогӀи чохь, хьалха Сал-эскаран хьер лаьттина меттигехь[11].

Сал текхийна боьра – Соьлжа эркан аьтту бердан тӀиера, текхош дӀакхачайора гӀишллошйаран хьун а, дечиг а кхин дӀа Соьлжин а, Теркан а чухула ГӀизлара. Сал – хин чухула дӀайахьийта кечйина йолу хьун а, дукъош а[12].

Йисина наьртийн эпос, цуо хьахадо Салойн тайпа[13]:

Ачамза-барзера иза вахара Салой тайпанан элан махка. Эвлан йисттехь, доьхна даьллачу цӀиенон кевнакахь сецира цуьнан говр. Ах йуьрт тевнехь сакъоьруш йара, ткъа вуьш сингаттамехь бара. Йуьртан оцу декъехь сецнера Ха кӀентан говр. «ХӀун хилла кхузахь? — хаьттира цуо ша сецначу хӀусамера жерочуьнга. — Со йуьртах чекхволуш цхьа дакъа сакъоьруш ду, ткъа важа сингаттамо хьийзош ду».

АкмурзаевгӀар, БаймурзаевгӀар, БаталовгӀар, БекбулатовгӀар, ВисингириевгӀар, МусаевгӀар, МитаевгӀар, МежидовгӀар, НаурбиевгӀар, СалоевгӀар, ЯхаевгӀар[14], ГайхановгӀар, ГойтимировгӀар.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Книги
Статьи

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Сулейманов, 2006, с. 578.
  2. А.В.Твердый, Топонимический словарь Северного Кавказа, Ч. 1, 2. Краснодар, 2006, стр.233
  3. Сулейманов, 1997, с. 334.
  4. Сулейманов, 1997, с. 338.
  5. NA Project - Y-DNA Classic Chart
  6. Берже А.П. «Чечня и чеченцы», Тифлис, 1859.
  7. А.В.Твердый, Топонимический словарь Северного Кавказа, Ч. 1, 2. Краснодар, 2006, стр.235
  8. 1 2 Сулейманов, 1997, с. 33.
  9. Сулейманов, 1997, с. 336.
  10. Сулейманов, 1997, с. 351.
  11. Сулейманов, 1997, с. 353.
  12. Сулейманов, 1997, с. 543, 544.
  13. Мальсагов, 1970, с. 126.
  14. Хаам бина Мусаев Артура 2018 ш.

Хьажа. кхин

[бӀаьра нисйан | нисйан]