ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ХӀокху агӀонан йац
хьаьжжина версеш , хила мега, цуьна дикаллин мах
ца хоттийна болучу барамца.
Сайгаг
Saiga tatarica (Linnaeus , 1766 )
Capra tatarica (Linnaeus, 1758)
Saiga ricei (Frick, 1937)[ 1]
Реконструированный древний ареал сайгаков (белый) и современный ареал двух подвидов Saiga tatarica tatarica (зелёный) и Saiga tatarica mongolica (красный)
Нохчийн маттахь Сайгак (оьрс. Сайгак ) — олу. Сайгак адамаш дӀакхочучу меттера хӀаллакьеш ю. Оханаш дечохь, тракторш, комбайнаш лелочохь сайгакаш хуьлуш йац. ХӀинцачул 150 шо хьалха Польшехь а, Манголехь а хилла сайгакаш. Адамаш тӀаьхьара дӀа ца довлу царна. Жижиг, цӀокарчий хилла ца Ӏеш, чӀурамах терра ах сирла маӀаш яра адамашна пайдехь. Китайн лоьрийн дарбанашкахь пайдехь лоруш ю уьш.
Украинехь тӀаьххьара сайгак 1940-шарахь йийна бохуш ду. Юккъерчу Азин дазонашкахь а, Казахстанан цхьайоьлчу меттигашкахь а дуккху а хилла уьш.Ткъа хӀинца Европехь уьш йисна а йац. Азехь а тохарачул кӀезиг йисна.
Адамаша кера ерзора йолчу, хи доцчу аренашкахь хуьлуш яра сайгакаш. Царна тӀе кхача атта дацара. Цундела дукха ца хуьлура царна тӀаьхьа бовла хьуьнар долуш таллархой. Амма бай-латтанаш охуш, баха охьахуьйтуш адамаш герга гӀиртина царна. Адамаш герга мел кхечи гатто хилла сайгакашна. Царга таллар дихкина ца хиллехь кхин ткъех шо даьлчи наггахь бен карор йацара сайгак. Царна таллар дехкаро аьтту бина уьш дебийта. Казахстанехь сайгакийн яккхийра реманаш ю хӀинца а. Ирча хьайба бу иза. ТӀедаьлла ирча теран-дукъ ду цуьнан. Боьрша сайгак маӀаш хиларо жимма куьце ялайо. Ткъа, сте сайгак маӀаш а йоцуш ирча корта болуш ю. Мара лакхарчу балдех тӀехбаьлла бу цуьнан. Ежачу хенахь мара хьалахабабо цо. БӀаьра са а, лергийн само а дика ю цуьнан. Хьожанца а къастало цхьацца хьелаш. Бакъду, таллархойн кхерамах кӀелхьара йовлийла дацара церан ларъелчи а, евдича а.
Сайгак лаьмнашка а, хьаннашка а йоьдуш йац. Бакъду, Ӏаламан хьелашка хьаьжжина хуьйцу цо меттигаш. Цанаш дика йолчу меттехьа дӀагӀурту сайгакаш. Сайгако хи молуш гина стаг вац. Цхьа а тӀадам хи доцчу меттехь еха уьш. Гурахь вовшахкхетий яккхийра реманаш хуьлу царех.
Сайгакаш кортош охьаохкадой лела. Цундела церан рема генара хьаьжчи жах тера хуьлу. Адамах я экханах бӀаьрг кхетчи дӀалелха уьш, лакха хьала а кхиссалуш. Ялх метр гена кхоссало сайгак еддайоьдучу хенахь.Говр хаьхкича тӀаьхьа ца кхуьу царна. ВорхӀ-бархӀ де бен кхачаза йолчу кӀорнина а ца кхуьу говр хаьхкича тӀаьхьа.
Май бутт болалуш цхьаъ я шиъ кӀорни йо сайгако. Яхка кечлуш буц лекха а, луьста а йолу меттиг лоху цо, кӀорни кога яххалц кхаба а, экханах ларо а аьтто болчохь. КӀорнеш йинчу хьалхарчу деношкахь нана гена ца йолу царна. Ӏадда юьжий Ӏуьллу иза къайлехь. Сов Ӏуьйранна кӀорнеш а якхайой яжа йоьду нана. Цкъацкъа дукха гена йолий буса бен юха ца кхочу. Юхаеъчи кӀорнеш а якхайой, царна юххе охьаюьжу нана. Йина кхо-диъ де даьлчи ненаца юьйлало кӀорнеш.
Кегийра йолуш адамана кераӀема кӀорнеш. Яккхийрнаш шаьш ма-хиллара акха юьсу. Уьш кера ца Ӏема.