Неоклассикан экономикин теори
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Неоклассикан экономикин теори юкъаяьлла 1870-гӀа шерашкахь.
Векалш: У. С. Джевонс а, Л. Вальрас а (математикин ишкол), Дж. Б. Кларк (америкин ишкол), Фишер Ирвинг, А. Маршалл, А. Пигу (кембриджан ишкол).
Неоклассикан агӀоно толлу экономикин адаман (хьаштхочун, совдегархочун, белхалочун) лелар, иза гӀерта максимум пайда бан а, минимум харж ян а. Анализан коьрта категореш — тӀаьххьара йоккхаллаш ю (хьаьжа Маржинализм).
XIX бӀешеран шолгӀачу декъехь марксизмаца цхьана могӀарехь кхоллалой, кхуьу неоклассикан экономикин теори. Церан оццул шорта болчу векалшлахь уггар гӀараваьлларг ингалсан Ӏилманча Маршалл Альфред (1842—1924) ву. Иза Кембриджан университетан политикин экономин кафедран куьйгалхо а, профессор а хилла. А. Маршалла керлачу экономикин талламан жамӀ дина шен «Экономикин теорин принципаш» (1890) цӀе йолчу фундаментан белхачохь.
Шен белхашкахь А. Маршалл тӀетовжара классикан теорин ойланашна а, маржинализман ойланашна а. Маржинализм (ингалсан marginal — дозанера, йисттера) — XIX бӀешеран шолгӀачу декъехь кхоллабелла болу экономикин теорин некъ бу. Экономисташ-маржиналисташ шайн талламашкахь лелайора йисттера локхаллаш, масала, йисттера пайданалла (беркатан тӀаьххьара, тӀетоьхначу бараман пайданалла), йисттера эвсаралла (тӀеххьарчу механ болх бечу белхалочо динадолу сурсаташ).
ХӀара кхетамаш лелабора цара механ теорехь, алапан теорехь, кхин дукхха а экономикин процессех а, хиламех а кхетош.
Шен механ теорехь А. Маршалл тӀетовжура хьаштан а, кховдоран а концепцина. Беркатан мах хадабо хьашташка а, кховдоре а хьаьжжина. Беркатан хьаштийн бух тӀехь лаьтта субъективан йисттера пайданаллин беркатан мехаш хьаштхочун (эцархочун). Беркатан кховдоран бух тӀехь лаьтта арахецаран харжаш. Арахоьцучо йохка йиш йац шен яран харжал йорахчу мехах. Нагахь классикан экономикин теорино мехаш кхоллар арахоьцучун агӀора гайтахь, неоклассикан теорино гойту мах кхоллар хьаштхочун (хьашт) агӀора а, арахоьцучун агӀора (кховдор) а.
Неоклассикан экономикин теори, классикан теори санна, схьайолу экономикин либерализман принципера, паргӀата конкуренцин принципера. Амма шен неоклассикан талламашкахь йоккха акцент йо прикладан практикан баланаш талларехьа, дикачул алсама лелайо дукхаллин анализ а, математика а. Дукха тергойо кӀезиг йолчу ресурсийн микроэкономикин тӀегӀан баланаш эффективаца, предприятин а, цӀеран бахаман а тӀегӀа санна лелабаран. Неоклассикан экономикин теори ю таханлерачу экономикин ойлан дукхаха йолчу агӀонийн бух болуш.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Блауг М. Неоклассическая теория денег, процента и цен // Экономическая мысль в ретроспективе = Economic Theory in Retrospect. — М.: Дело, 1994. — С. 586—606. — XVII, 627 с. — ISBN 5-86461-151-4.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]
ХӀара экономикех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |