Мичиг-Хи
Мичиг-Хи | |
---|---|
оьрс. Мичик | |
Амал | |
Дохалла | 36 км |
Бассейн | 200 км² |
ДӀаэхар | |
Хьост | Нажи-Йуьртан лаьмнийн къилбаседа-малхбуза басера шовданаш |
• Эрк долу меттиг | Нажи-Йуьртан кӀошт |
• Локхалла | 936 м |
• Координаташ | 43°06′22″ къ. ш. 46°16′10″ м. д.HGЯO |
Хикхоче | Гумс |
• Эрк чекхдолу меттиг | Курчалойн кӀоштара Иласхан-Йуртан гергахь |
• Локхалла | 93 м |
• Координаташ | 43°17′04″ къ. ш. 46°04′23″ м. д.HGЯO |
Хин охьане | 21,4 м/км |
Эрк долу меттиг | |
Хин система | Гумс → Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд |
|
|
Пачхьалкх | |
Регион | Нохчийчоь |
Код ПХР чохь | 07020001312108200006272[1] |
— хьост, — хикхоче |
Мичиг-Хи (оьрс. Мичик) — Нохчийн Республикера эрк, Гумсан аьтту га.
Географи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Схьадолу Нажи-Йуьртан лаьмнийн къилбаседа-малхбуза басера шовданашкара. ОхьадогӀу Нажи-Йуьртан, Курчалойн кӀошташкахула, Ӏаларан малхбуза дозанца, РегӀан дукъ малхбузехьа а дуьсуш. Оцу хин цӀарах гӀумкаша нохчех олу «мичиг1ыш» - Мичиг тӀехь беха нах[2]. Эркан дохалла — 36 км, бассейнан майда 200 км²[3].
Топонимаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Шина Мичиган йукъ – ГӀансолчохь[4].
- Мичиган чоь – Майртупан къилба йисттехь[5].
- Шихикхиетие – Мичиг а, Гумс а цхьаьнакхета меттиг, Иласхан-Йуртан къилба йисттехь. [6].
- Шина Мишка йукъе – Ӏаларой-Эвлан къилбехьара меттиг, кхузахь Мишка галдаьккхина Мичиг ду[7].
Гидрологи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Эркан амалехь ду йовхачу хенахь дестар, Ӏай лакъар. Уггаре дукха хи дойу догӀанаш оьхучу заманахь. Аьхка догӀанаша хи дестор, наггахь кхераме хуьлу.
Геннаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Эркан шиъ доккха га ду — аьрри агӀора ГӀансол, аьтту агӀора Жима Мичиг.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Тарло, цӀе схьаяьлла хилар гӀебартойн маттара гӀебарт.-чергаз. мышкъыш, мышкъышхэр, я гӀумкийн – гӀум. мычыгъышла «нохчий» бохучу дашах. Хила тарло нохчийн мичиг-хи — «мичара ду хи» бохучу дешнех а.
Хьалхо и меттиг хилла аренан нохчийн ладаме йукъ, цигахь хуьлуш хилла мехк-кхелан берриг гуламаш.
Эрк Ӏамор а, хин бахаман маьӀна а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Стационаран гидрологин талламаш эрк тӀаьхь ца бина.
Эрк тӀиера эвланаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Мичиг-Хин тӀаьхь лаьтта эвланаш: ГӀансолчу, Ӏаларой-Эвла, Ахьмад-Йурт, БӀачи-Йурт, Иласхан-Йурт - аьрру бердаца, Ойсхаран къилбехьа[8].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 8. Северный Кавказ / под ред. Д. Д. Мордухай-Болтовского. — Л.: Гидрометеоиздат, 1964. — 309 с.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 322.
- ↑ «Мичик» — Пачхьалкхан хин реестран объектех хаам.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 325.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 522.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 527.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 531.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 347.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Лист карты K-38-33 Новогрозненский. Масштаб: 1 : 100 000. Указать дату выпуска/состояния местности.K-38