Марха досту Ӏийд
Марха досту Ӏийд | |
---|---|
Ӏаьр. عيد الفطر | |
| |
Тайпа | исламан |
МаьӀна | Беза Рамазан бутт чекхбалар |
ХӀоттийнарг | Мухьаммад пайхамар ﷺ |
Даздо | бусалбанаша |
Терахь | 1 шаввал |
2024 шарахь | 10 апрель |
Даздар | маьждигехь |
Доьзна ду | Рамазан беттан марханаш чекхдовларца |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Марха досту Ӏийд (Ӏаьр. عِيدُ الْفِطْرِ Ӏийдул-ФитӀр) йа марха досту де — иза исламан дезде ду. Иза шаввал беттан хьалхарчу дийнахь нисло, цу дийнахь бусалбанаша рамазан беттан марханаш кхабар чекхдаккхар даздо. Иза бусалбанийн дезачу шина Ӏийданах цхьаъ ду, ткъа важа ГӀурбанан Ӏийд ду, иза зул-хьижжат беттан итталгӀачу дийнахь нисло, хьаж дечу денойх цхьаъ а ду иза. Исламехь бусалбанаша дуьххьарлера Марха досту Ӏийд даздина хӀижрин шолгӀачу шарахь, цу шарахь дуьххьара Рамазан беттан марханаш кхаьбначул тӀаьхьа[1]. Марха достучу Ӏийданан денойх хьалхарчу дийнахь марха кхабар хьарам ду.
ШарӀехь цуьнан хан цхьа де бен дац. Цуьнан хан дӀайолало рамазан беттан тӀаьххьарчу дийнахь малх чубузучу хенахь, ткъа иза чекхйолу шаввал беттан хьалхарчу дийнахь малх чубузучу хенахь.
Хьостанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ أول عيد فطر في الإسلام (Ӏаьр.). www.islamweb.net. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 24 август.