Чулацаман тӀегӀо

Европин барт

Талларе хьожуш
1000 йукъара цхьа йаззам
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Сийна бесан тӀехь шийтта дешийн седан гуо.
Байракх
Девиз: Барт шорта кепашца
Шатлакхан Илли: Самукъане ода
Европин бертан шатлакхан илли
noicon
Самукъане ода (фортепианан верси)

     Пачхьалкхаш — Европин бертан декъахой
Коьрта хаамаш
Куьйгалла
Бух
Географех лаьцна
Официалан сайт
http://europa.eu/

Евро́пин барт (Е́вробарт, ЕБ) — европин 27 пачхьалкхан экономикин а, политикин а цхьаьнакхетар.[6][7]

Европин барт бира 1992 шарахь Маастрихтехь (леладаьлла 1993 шеран 1 ноябрехь) Европин экономикин йукъараллин бух тӀехь, хьажийна бара регионан интеграцега.[8]

ЕБ — дуьненайукъара кхоллам, шена чохь дуьненайукъара кхолламан (пачхьалкхашна йукъара) а, пачхьалкхан (пачхьалкхан тӀехулара) а хьесапаш ду,[9][10] амма юридически иза йац ший а.

Европин комисси

Бертан массо а мехкашкахь лела стандарт йина законийн системин гӀоьнца, кхоьллира йукъара базар[11], цунах адамаш, сурсаташ, капитал, хьашташ кхочушдар маьрша леларан гарант хилира[12], царна йукъахь ду Шенгенан зонера (цунна чуйогӀу мехкаш-декъашхой а, кхин Европин пачхьалкхаш а) паспортан терго дӀайаккхар.[13]

Дуьненан бакъонан субъект йолу, Европин бертан йуьззина бакъонаш йу дуьненайукъара йукъаметтигашкахь дакъалаца а, дуьненайукъара берташ дан а[14]. Кхоьллина йукъара арахьара политика а, кхерамзаллин политика а, цуьнца бертахь арахьара а, дуьхьалонан а политика лело йеза. Дерриг дуьненахь кхоьллина ЕБ гуттаренна а йолу дипломатин миссеш, болхбеш йу вакилаташ Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламехь, ДМКх, Йоккха ворхӀ пачхьалкхехь, Йоккха ткъа пачхьалкхехь.

Европин бертан институташна йукъайогӀу Европин кхеташо, Европин комисси (правительство), Европин бертан кхеташо (официалан цӀе — Кхеташо, хьахайо Министрийн кхеташо санна а), Европин бертан суд, Европин чоьтан палата, Европин центран банк, Европин парламент. Европин парламент хоржу ЕБ гражданаша хӀора пхеа шарахь.

Кхеташоно тӀеоьцу бакъонан суьдан а, чоьхьарчу гӀуллакхийн а[en] сферера закононашкхолларан акташ (директиваш, законаш, сацамаш), кхин а кхуллу махлелоран областера йукъара политика[15], йуьртан бахамера, чӀерийлецарера.[16] регион кхиаран политика[17].

Европин бертан мехкашкахь веха 450 миллион вахархочун[2], дерриг чоьхьара сурсатан (ДЧС) дуьненачух долу ЕБ дакъа хуьлу 2018 шарахь 23 % (21,6 трлн доллар) гергга эцаран хьуьнараллин паритетца, 19 % (16,1 трлн доллар) гергга — номиналан маьӀница[3].

Пачхьалкхаш-декъашхой

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Европин бертан йукъайогӀуш йу 27 пачхьалкх: Австри а, Бельги а, Болгари а, Мажаройчоь а, Германи а, Желтойчоь а, Дани а, Ирланди а, Испани а, Итали а, Кипр а, Латви а, Литва а, Люксембург а, Малта а, Нидерландаш а, Польша а, Португали а, Румыни а, Словаки а, Словени а, Финлянди а, Франци а, Хорвати а, Чехи а, Швеци а, Эстони а.

Инфраструктура

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Данина а, Швецина а йукъара Эресунан тӀай трансъевропин транспортан машан проектан дакъа ду

ЕБ болхбо европин йукъара инфраструктура кхиаран, масала, Трансъевропин машанаш (TEN). Иштта TEN гуранчура проекташна йукъайогӀу Евротоннель, LGV Est, Мон-Сенисан туннель, Эресунан тӀай, Бреннер тоннель, Мессинан хидоькъен тӀехулара тӀай. 2001 шарахь мах хадорца 2010 шарахь машано къовла безара: 75 200 км некъаш, 76 000 км цӀерпоштнекъ, 330 аэропорт, 270 хӀордан порт, 210 континентан чоьхьара порт.[18]

Кхуьуш йолу Евробартан дукхачу регионашкахь транспортан маша шорбеш йолу транспортан политико совбоккху Ӏаламан бешболу ницкъ. 2004 шеран шорйаран пхоьалгӀа тулгӀенехь коьрта транспортан Ӏалашо хилира транспорт экологи агӀора цӀена йар (хӀаваъ бехдар, гӀовгӀа), некъаш машенех бастар (ца латтийтархьама). Шорбаро тӀетуьйхира болчу баланашна кхин а массарна дакъа кхачаран бала (инг. accessibility)[19]. Масала, 2006 шарахь Европин инвестицийн банко делира 650 миллион евро Польшин некъан система кхио, дерриг а 1990 шарахь дуьйна Польшина делла 12 млрд евро кредит, царех 40 % гергга хьажийна транспортан инфраструктура кхиоре.[20]

ЕБ кхин инфраструктуран проект — навигацин «Галилео» система. Спутникан навигацин система хиларе терра, «Галилео» кхуллуш йу Европин барто Европин космосан агенталлица цхьаьна. Спутникан тоба кхоллар чекхдаккха лерина 2019 шарахь[21]. Проект хьажийна йу, цхьаьна агӀора Цхьаьнатоьхна Штаташ доладечу GPS ца базархьама, вукха агӀора америкин ширъеллачу системал меттиг дика дӀалаца а, сигнал тойан а[22][23]. Ша йечу хенахь «Галилео» проекто зийна дуккха а финансийн, техникийн, политикийн халонаш.[24]

Йуьртабахам

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Йукъара йуьртабахаман политика — Европин экономикин йукъараллин программех уггар шираниг йу, цуьнан хала меттиг а йу[25]. Политико йуьртабахаман сурсат совдаккхаран, дааран сурсаташ цхьанаэшшара латтадаран, йуьртабахамехь къахьоьгучу бахархойн дахар хьакъ долуш туокхе даран, йохк-эцара цхьанаэшшара йаран, ткъа иштта сурсаташна хьекъале мехаш латтадаран Ӏалашо хӀоттайо.[26] Дукха хан йоццуш уьш леладора субсидеш луш, мехашна йукъагӀерташ. 70-гӀа а, 80-гӀа а шерашкахь йуьртабахаман политикин хьашташна латтадора Европин йукъараллин бюджетан кхааннах ши дакъа[25], 2007—2013 шерашна оцу статьян харжан дакъа охьадаьлла 34 % кхаччалц.[27]

Политикин хӀоттам

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Лахахь йазйина йу ЕБ коьрта меженаш йа институташ. Хаа деза, пачхьалкхийн ламастехь долу законкхолларан а, кхочушдаран а, суьдан а Ӏедал декъадалар ЕБ амалехь дац. ЕБ суд майрра суьдан меже лара мегар ду, амма законкхолларан функцеш йу цхьанне ЕБ Кхеташонан а, Европин комиссин а, Европарламентан а, ткъа кхочушдаран — Комиссин а, Кхеташонан а.

Европера кхеташо

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Европера кхеташонан лакхара политикин меже, лаьтта пачхьалкхийн-декъашхойн пачхьалкхийн коьртех а, правительствех а, церан гӀовсех — арахьарчу гӀуллакхийн министрех. Европера кхеташонан декъашхо ву Европера кхеташонан председатель а, Еврокомиссин председатель а. Европера кхеташо кхолларан бух французийн президентан Шарль де Голлан коьрте йеина ойла йу ЕБ пачхьалкхийн кортош формалан боцу гуламаш бар, уьш лерина бара къаьмнийн пачхьалкхийн роль интеграцин кхолларан гуранчохь охьайаккхарна дуьхьало йарна. И гуламаш хилира 1961 шарахь дуьйна, ткъа 1974 шарахь Парижерчу гуламехь и практика формалан йира оцу хенахь Францин президентан даржехь волчу Жискар д`Эстен Валерин дехарца.

Кхеташоно билгалйоккху ЕБ киаран коьрта стратегин агӀо. Политикин интеграцин инарлин аса йаккхар — Европера кхеташонан коьрта некъ бу. Министрийн кхеташонца цхьаьна могӀарехь, Европера кхеташонан йелла европин интеграцин коьрта барташ хийца йиш йолу политикин функци. Цуьнан гуламаш дӀахьо шарахь шозза а, цул сов а — йа Брюсселехь, йа председатель йолчу пачхьалкхехь Европин бартан Кхеташонан оцу хенахь коьртехь йолчу пачхьалкхан-декъашхочун председателан куьйгаллица. Гулам лаьтта шина дийнахь. Кхеташоно тӀеэцнарг дан дезаш ду иза къобал йинчу пачхьалкхаш.

Европера кхеташонан гуранчохь дӀахьо иштта олуш долу «ламастан» куьйгалла, цигахь уггар лакхарчу тӀегӀанера политикаш хиларо ло тӀеэцначу бартан доккха маьӀна до. Лиссабонан барт хиллачул тӀаьхьа, аьлчи а 2009 шеран декабрехь дуьйна, Европера кхеташо официалан йукъайахна ЕБ институтийн структуран. Бартан чулацамашца кхоьллина керла дарж Европера кхеташонан председатель, цуо дакъа лоцу массо а ЕБ декъашхочун пачхьалкхийн а, правительствийн а коьртийн гуламашкахь.

Европера кхеташо къаьсташ хила еза ЕБ Кхеташонах а, Европин кхеташонах а.

Евробертан Ӏилманан дика къаьста инновацин агӀо йу. Евробертан куьйгакӀела болхбеш бу масштабан талламан маша Future and Emerging Technologie, цуо координаци йо искусственни интеллектан, виртуалан бакъдолчун, робототехникин, нейрофизиологин, кхин лакхатехнологин областийн Ӏилманчийн къинхьегамехь.

ТӀеман структураш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]


Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Комменташ
  1. 1 2 3 4 Если рассматривать как единое целое.
Лелина литература а, хьосташ а
  1. 1 2 Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху ciafactbook тIетовжаран текст йазйина йац
  2. 1 2 "Eurostat-Tables,Graphs and Maps Interface(TGM)table (инг.). Eurostat. Europa portal. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 28 август.
  3. 1 2 3 4 World Economic Outlook Database (инг.). International Monetary Fund (2013 шеран апрель). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 27 август. Архивйина 2013 шеран 15 сентябрехь
  4. World Economic Outlook Database (Gross domestic product for European Union) (инг.). International Monetary Fund (2013 шеран апрель). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 27 август. Архивйина 2013 шеран 15 сентябрехь
  5. World Economic Outlook Database (Population for the European Union countries) (инг.). International Monetary Fund (2013 шеран апрель). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 27 август. Архивйина 2013 шеран 15 сентябрехь
  6. Райзберг Б. А., Лозовский Л. Ш., Стародубцева Е. Б. Современный экономический словарь. — 5-е изд., перераб. и доп. — М.: ИНФРА-М, 2006.
  7. The 28 member countries of the EU. Official EU website.
  8. Treaty of Maastricht on European Union (инг.). Europa portal. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 6 сентябрь. Архивйина 2011 шеран 22 августехь
  9. European Union. The World Factbook. Central Intelligence Agency. — «Although the EU is not a federation in the strict sense, it is far more than a free-trade association such as ASEAN, NAFTA, or Mercosur, and it has many of the attributes associated with independent nations: its own flag, anthem, founding date, and currency, as well as an incipient common foreign and security policy in its dealings with other nations.» ТӀекхочу дата: 2010 шеран 1 ноябрь. Архивйина 2020-06-11 — Wayback Machine
  10. Anneli Albi. Implications of the European constitution // EU enlargement and the constitutions of Central and Eastern Europe. — Cambridge, UK: Cambridge University Press, 2008, 2005. — P. 204. — ISBN 9067042854.
  11. European Commission: Internal Market (инг.). European Commission. Europa portal. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 8 сентябрь. Архивйина 2011 шеран 22 августехь
  12. Activities of the European Union: Internal Market (инг.). European Commission. Europa portal. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 8 сентябрь. Архивйина 2011 шеран 22 августехь
  13. Schengen area (инг.). European Commission. Europa portal. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 8 сентябрь. Архивйина 2011 шеран 22 августехь
  14. Sari, Aurel. The Conclusion of International Agreements by the European Union in the Context of the ESDP (en) // International and Comparative Law Quarterly. — Social Science Electronic Publishing, 2008. — Vol. 57. — P. 53—86.
  15. Common commercial policy (инг.). Glossary. Europa portal. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 8 сентябрь. Архивйина 2011 шеран 22 августехь
  16. Consilium: Agriculture and Fisheries (инг.). Consilium. Europa portal. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 8 сентябрь. Архивйина 2011 шеран 22 августехь Архивйина 2011-02-23 — Wayback Machine
  17. Activities of the European Union: Regional Policy (инг.). European Commission. Europa portal. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 8 сентябрь. Архивйина 2011 шеран 22 августехь
  18. Mirea, Silvia The trans-European transport network: new guidelines and financial rules (инг.). The Railway Journal. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 23 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 2 февралехь
  19. White Paper on Transport (инг.). Euractiv (2004 шеран 22 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 5 октябрь. Архивйина 2012 шеран 2 февралехь Архивйина 2011-08-08 — Wayback Machine
  20. Ondrejička, Dušan EUR 650 million for the Polish Road Network (инг.). European Investment Bank (2006 шеран 25 октябрь). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 5 октябрь. Архивйина 2012 шеран 2 февралехь
  21. Launch of first 2 operational Galileo IOV Satellites (инг.). European Commission. Europa portal (2011 шеран 23 сентябрь). — «The launch of the Galileo satellites at an altitude of 23.600 km will lead to the provision of initial satellite navigation services in 2014. Successive launches will complete the constellation by 2019.» ТӀекхочу дата: 2011 шеран 9 октябрь. Архивйина 2012 шеран 2 февралехь
  22. McKie, Robin Sat-nav rival could crash and burn (инг.). The Observer. Guardian Media Group (2007 шеран 15 июль). — «Galileo's supporters say the current GPS system, run by the US air force, could be turned off at any time that the US military decided, causing mayhem for European trucking companies, sat-nav firms, mobile phone operators and other users of GPS devices. In addition, current GPS devices are based on technology designed in the 1980s and have an accuracy of between 3 and 15 metres. Galileo, using 21st-century technology, can determine locations to within centimetres.» ТӀекхочу дата: 2011 шеран 9 октябрь. Архивйина 2012 шеран 2 февралехь
  23. "ЕКА подтверждает первый запуск "Союза-СТ" с Куру 20 октября 2011 года"(оьр.). Жуковский: «РИА Новости». 2011-08-16. Дата обращения: 2011 ш. 09 октябрехь. Навигационная система Galileo, как считают многие обозреватели, может стать конкурентом в Европе американской системе GPS.
  24. ""Европейский GPS" готов к запуску в космос". «Русская служба Би-би-си»(оьр.). «Би-би-си». 2011-09-12. Дата обращения: 2011 ш. 09 октябрехь. Ранее проект столкнулся с большим количеством технических, финансовых и политических проблем.
  25. 1 2 Stead, David; Robert Whaples (editor).: Common Agricultural Policy (инг.). EH.Net Encyclopedia (2007 шеран 22 июнь). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 4 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 2 февралехь Архивйина 2013-09-28 — Wayback Machine
  26. Четвериков, Артем Договор о функционировании Европейского Союза. Право Европейского Союза (2010 шеран 14 октябрь). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 4 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 2 февралехь
  27. Agriculture: Meeting the needs of farmers and consumers (инг.). European Commission. Europa portal (2011 шеран 26 август). — «Reforms notwithstanding, the common agricultural policy is the most integrated of all EU policies and consequently takes a large share of the EU budget. Nevertheless, its portion of the EU budget has dropped from a peak of nearly 70% in the 1970s to 34% over the 2007-2013 period.» ТӀекхочу дата: 2011 шеран 10 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 2 февралехь