ГӀордалой
Шира тайп | |
ГӀордалой | |
---|---|
Кхин цӀерш | ГӀоьрдалой |
Этноиерархи | |
Раса | европеоиднин |
Тукхам | Нохчмахкахой |
Йукъара хаамаш | |
Мотт | Нохчмахкахойн лер |
Дин | ислам (суннизм) |
Къам | нохчий |
Гергарло | Энганой, ЭгӀашбатой |
Таханлера дӀасакхалхар | |
Росси: хууш дац Нохчийчоь: хууш дац ДегӀаста: хууш дац |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• шира. мохк Нохч-Мохк |
ГIордалой – Нохчмахкахой тукхуман йукъара шира нохчийн тайпа[1]. Тайпа J1, J2, Q1а гаплотобан йукъахь ду. Амма алссама болу ГӀордалой Q1а гаплотобанехь бу[2].
Географи
Тайпа схьадаьлла ГӀоьрдалара. ГӀоьрдала лаьтта Нажи-Йуьртан кӀоштахь, ЦӀоьнтаран 3 километр къилбаседехьа, 6 километр Энганан малхбузехьа, Яьссин аьрру бердаца[3].
Тайпанах топонимаш
- Эна-Кхаьллан малхбален йисттехь меттиг йу ГӀоьрдала чоь.
- ЖугӀуртан къилба йисттехула чекхдолу ГӀоьрдалан хи.
- Курчалой эвлахь куп йу ГӀоьрдалойн йукъ олуш.
- XӀX бӀешарахь Мичиг-Хин бердашца ГӀордал-Йурт а, ГӀордал а эвланаш йу.
- ГӀоьрдала боьду никъ – Курчалара малхбалехьа ГӀоьрдала боьду.
- XӀX бӀешарахь Орган тӀехь ГӀурдали эвла хилла, цуьнан бахархой 1850 шарахь кхалхийна Джалкхе.
- Яьсси хин аьрру бердаца 1845 шарахь йуха а йиллина ГӀордалой эвла.
- ГӀардан хи – Зандакъан малхбален йисттехь.
- ГӀоьрдила, Ваьрдила – Гучан-кхеллин къилбаседа-малхбалера кӀотар. ЦӀеран этимологин тӀаьхьа ца кхуьу, амма, А. Сулеймановн хетарехь, шолгӀачу цӀеран хьалхара дакъа «ваьр» хила тарло этносан цӀе дайначу тайпанан[4].
ГӀордалоша йехкина ярташ
Мелчхе йуьрт йиллинарш бу ГӀордалой а, Сесаной а.
Схьабовлар
ГӀоьрдалоша лору шеш Энганойн гергара тайпа. Цара дийцарехь Айткхаьллой, Сесаной, Энганой тайпанаш кхаа вешийн тӀаьхье йу, уьш дерриш гергара ду Чеччалхойн а, Даттахойн а. Амма ДНК тестийн жамӀаша гойту цунах цхьадерг нийса ца хилар. ГӀоьрдалой, Энганой, ЭгӀашбатой, Шоной, ХӀиндой, Чеччалхой уллера гергара гойту цара[5]. Тайпа схьадаьлла ГӀорд-Ӏалих, иза хилла Шемарчу эмиран Сайд-Ӏалин кӀентан Ӏабдул-Ханан (Ахьмад-ханан) кӀентан Шамханан (770-828 шераш) кӀант[6].
ЦӀечой тайпанара ГӀардан тӀаьхьенийн цхьан а уьйр ца хили ГӀордалошца.
Кхин а версию халкъехь, ГӀоьрдала герз деш йуьрт хилла бохуш, ткъа гӀурда цигахь деш хилла долу халкъехь гӀарадаьлла тур хилла. Вагаповс А.Д. а, Ахмадовс Р.П. а топониман бух хилла гӀуордалан орам гӀердила (багвал.), гӀердилъа (тиндин.) уьйр йолуш хила тардолуьйту, иза нохчийн маттахь «тӀаргӀа хьовзор» хуьлу. Нагахь иштта этимологи нийса йелахь, субэтноним ГӀордалой кхаьчна царна шеш юьртахь лелош болчу балхах, ткъа иза хуьлу тӀаргӀа буцар а, кӀадеш дар а[7].
К.З. Чокаевс дийцарехь, Нажи-Йуьртан кӀоштахь ши йуьрт йу ЦӀа-ГӀордала а, Бас-ГӀордала а, ткъа ГӀордалойн цӀе оцу йартийн цӀарех схьайевлла. Дешан этимологи ца йевза[8].
Бекъабалар
ГӀордалой бекъало некъешка:
- Басхой - гаплотоба J2, Q1а
- Буги
- БучӀи (ВахӀаб-некъе)- гаплотоба Q1а
- Доьвла
- Ирбаьхьи - гаплотоба Q1а
- ЛаӀжги - гаплотоба J1, J2
- Ойбул - гаплотоба Q1а
- Оккхи - гаплотоба Q1а
- Песи - гаплотоба Q1а
- ХӀуци - гаплотоба Q1а
- Эти
- Ӏаьжи - гаплотоба Q1а[9]
ГӀарабаьлла гIордалой
- Асхьадар (Уди шейх, Уди молла) – Накшбандин тӀарикъатера авлияъ. Схьавалар Ханти махкара ду. Зийарат Нажи-Йуьртан кӀоштара ГӀоьрдала эвлахь.
- Бахьауддин (Хада) Ибаев – къадарийн тӀарикъатера авлийаъ, ИбрахӀим-Шайхан кӀант. 1937 шарахь лаьцна Советийн Ӏедало, цуо Советийн Ӏедал кестта духур ду баьхна аьлла мотт тоьхна. 1944 шарахь мукъаваьккхина, доьзалан тӀе цӀа вогӀуш новкъахь ког каггийна Семипалатинскан дарбан цӀенна чувиллина. Цигара товелла араваьккхина. Кхин цунах хилларг хууш дац.
- Геха — ГӀордалин вахархо. Къона Ӏилманча. Имам Шемалан наиб хилла.
- Духигов Мутуш Махдоевич ЧӀулга-Йуртан вахархо – Брестан гӀопан турсло, кхелхина гӀап чохь.
- ИбрахӀим-Шайх, Устрада-ГӀалара Аьлтийн кӀант (Аба) – къадарийн тӀарикъатера авлийаъ. Зийарат Устрада-ГӀаларчу, йуьртан къилбаседехьарчу кешнашкахь. Кишиев Кунта-Хьаьжин мутӀелам а, мурид а хилла. Бамат-Гири-Хьаьжин доттагӀа а хилла. Шен вирд ду. Кунта-Хьаьжас векал вина хьаьжийн вирд хьеха бакъо а хилла. Шена тӀаьхьа витина Назиров Мохьмад (Мани-Шайх), цуо шел тӀаьхьа Абин кӀант - Бахьауддина (Хада) витина.
- Мударов Мохьмад ЧӀулг-Йуьртан вахархо – Брестан гӀопан турсло, тӀепаз вайна.
- Радуев, Салман Бетырович (13 февраль 1967, Гуьмсе — 14 декабрь 2002, Соликамск) — уггар бевзаш болучу нохчийн тӀемалойх цхьаъ, дуьххьара а, шолгӀа а нохчийн тӀемийн декъашхо. Российн махкахь масийтта терракташ йина цо. Салманан зуда йара Дудаев Жовхаран маьхчан йоӀ[10][11]. Террорист ву аьлла Соликамскера «Белый лебедь» цӀе йолу набахте чу воьллина вара, цигахь кхелхина[12].
1877 шарахь Российн пачхьалкхан Нохчийн полкан декъа шайн лаамца язбина бу ГӀордалин бахархой.
Беха эвланаш
ГӀоьрдалой беха эвланаш: БердакӀел, Боти-Йут, Галне, Гуьмсе, Доьлаке, Лаха Невре, Мелчхе, Нойбоьра, УстаргӀардой-Эвла, Чечана, ЧӀулга-Йурт.
Билгалдахарш
- ↑ Мамакаев М.А. «Чеченский тайп (род) в период его разложения» Грозный, ГУП «Книжное издательство», 1973
- ↑ familytreedna.com
- ↑ Сулейманов А. С. «Топонимия Чечни», Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997
- ↑ Сулейманов А. С. «Топонимия Чечни», Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997
- ↑ familytreedna.com
- ↑ Костерин А. По Чечне: (Путевые наброски.)
- ↑ Вагапов А.Д., Ахмадов Р.П. Названия тэйпов восточной Чечни Лингвофилософия, 2010
- ↑ Чокаев К.3. Географические названия Чечено-Ингушетии. Архив ЧИИИСФ, ф. 1, оп. 1, д. 16.
- ↑ familytreedna.com
- ↑ Трошев Г. Н. Глава 3. Время набегов // Моя война. Чеченский дневник окопного генерала. — М.: Вагриус, 2001. — 15 000 экз. — ISBN 5-264-00657-1.
- ↑ Демченко Владимир Кого обвиняет Генпрокурор? // «Известия», 16.11.2001
- ↑ Радуев, Салман Бетырович //Россия-Чечня: цепь ошибок и преступлений 1994—1996 / Сост. О. П. Орлов и А. В. Черкасов. — М.: Мемориал:Права человека, 2010. — С. 428. ISBN 978-5-7712-0420-8
Хьажа иштта
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |