Гриффин, Блэйк
Гриффин Блэйк Остин (инг. Blake Austin Griffin; вина 1989 шеран 16 мартехь Оклахома-Сити, Оклахома штат, АЦШ)[1] — КъБАхь ловзу «Бостон Селтикс» командин америкин профессионалан баскетболхо. Ловзу веза форвардан позицехь. 6-за дакъа лаьцна КъБА дерриг седарчийн матчехь, 5-за шеран сийлаллин гулйина командин йукъа кхаьчна (кхузза шолгӀачунна а, шозза кхоалгӀачунна а).
2011 шарахь Sports Illustrated газето цунах элира КъБА йерриг хенан 15 уггаре сийлахь керла ловзархочух ву аьлла[2].
Карьера
[бӀаьра нисйан | нисйан]2007 – 2009 шерашкахь левзира Оклахомин университетан командехь. 2009 шарахь колледжийн дешархошна йукъара АЦШ уггаре дика баскетболхо къобал вина Associated Press а, Sporting News а, Fox Sports а, Sports Illustrated а, кхин арахецараллин а версешца, Нейсмит Джеймсан, Вуден Джонан, Робертсон Оскаран, Рупп Адольфан, кхечу а совгӀатийн да. Оклахомин университетехь ши шо даьккхина кхайкхийра ша КъБАхь ловза бина сацам, драфт хила дуккха а хьалха баскетболан говзанчаша хуьлийтара иза хьалхарчу лоьмарца хоржур хилар[3][4][5].
2009 шеран 25 июнехь КъБА драфтехь хаьржина «Лос-Анджелес Клипперс» командо хьалхарчу лоьмарца[6]. КъБА хьалхара шо дерриг дитира шо доладалале хьалха ловзуш аьрру гола лазайарна[7].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Blake Griffin Stats, Height, Weight, Position, Draft Status and more (инг.). Basketball-Reference.com. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 17 сентябрь. Архивйина 2014 шеран 19 мартехь
- ↑ Blake Griffin - Los Angeles Clippers, 2010-11 - NBA's Greatest Rookies Of All Time - Photos - SI.com . web.archive.org (2011 шеран 5 январь). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 17 сентябрь. Архивйина 2011 шеран 5 январехь Архивйина 2011-01-05 — Wayback Machine
- ↑ Ramifications of the Lottery: How will the Draft shake out? Архивйина 2009-05-23 — Wayback Machine. Jonathan Givony. NBA.com. 20 мая 2009
- ↑ 5 Top talents for this year’s NBA draft Архивйина 2009-04-20 — Wayback Machine. Ian Thomsen. Sports Illustrated. 6 февраля 2009
- ↑ Griffin Reacts to NBA Draft Lottery Архивйина 2009-05-23 — Wayback Machine. SoonerSports.com. 19 мая 2009
- ↑ Griffin top pick in NBA draft Архивйина 2012-11-02 — Wayback Machine. ESPN. 26 июня 2009
- ↑ No. 1 pick Griffin to have season-ending surgery Архивйина 2010-01-16 — Wayback Machine. NBA.com. 13 января 2010