Чулацаман тӀегӀо

БаӀ

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
БаӀ
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Arctium lappa L., 1753
Синонимаш
Дочерние таксоны

БаӀ[1] (лат. Arctium láppa[2]) — дукха шерийн кепара бецан Астрин доьзалан БаӀ тайпанан орамат.

БаӀ рудералан (нехашан) орамат йу, кхуьу адаман хӀусаман гергахь — некъаш йисташкахула, хасбошмашкахь, бай тӀехь, аренашкахь.

Циленшек Мартинан(словен.) Naše škodljive rastline жайнара ботаникин сурт, 1892

Ботаникин сурт

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Йоккха дукха шерийн йа шина шеран[3] бецан орамат, 60—120 см лекха (наггахь кхаа метре кхочу[4]). Йерриг орамат чӀогӀа пухӀ баьлла йу, башха пухӀ баьлла хуьлу тускарш.

Орам стомма чӀун урчакхкепара, 60 см беха[4].

ГӀад нийса лаьтта, чӀогӀа дохаллехь хершнаш долуш, дукха хьолехь цӀен басаре йина; дукха нийса лаьтта,схьадаьхкина геннаш, тӀехула цӀузамкепара чоьш долу, машакепара схьадаьхкина Ӏийдаргашца[4].

ГӀаш чӀогӀа даккхий, гӀажкепара, догкепара йа шуьйрадогкепара-хӀоакепара, даьржина кӀаьгнаш-цергкепара йа йуьззинайистан[4], тӀехулара сийна дерзина ала мегар долуш, нилха доца чоьшца, лахахь сира-истангпухӀ баьлла, даьржина можо Ӏийдаргашца. Орамера гӀаш 50 см деха, 30 см сов йеха са болу гӀожмаш тӀехь; гӀодан гӀаш дикка сиха жимло, уггаре лакхарнаш бух тӀехь гӀийла догкепара[4].

БаьӀан заза доккха суьртаца

Зезагаш биргӀакепара, таьӀна-цӀен семса турскепара лаьтта даккхий горгалкепара тускаршкахкахь, наггахь 10 а, сов а см деха, геннашна йисташкахь лаьтта цхьатерра лакхахь[4]. Заза долу июнехь—июлехь.

ТӀехьарчорган гӀаш дерзина йа гӀеххьа машакепара; лахара гӀаш ланцетан, килькепара, 1—1,5 мм шуьйра, йисташкахь гӀийла бӀаьргачокепара-цергийн, дехьадолу готта асанан-ланцетан, дӀатаьӀна ира бохь хуьлий, чекхдолу зайланца; йуккъернаш — тӀетаьӀна пухӀ баьлла; чоьхьара гӀаш ланцеткепара сийна, наггахь таьӀна-цӀен, боца чо баьлла, тӀаьхь-тӀаьхьа ираделла, боьххьехь гӀийла чӀуг, цхьабосса деха йа зезагел деха[4].

Заза таьӀна цӀен, цӀеххьана гатделла 5—6 мм йеха турбане, дӀасаттаран дохалла 4—5 мм, ларин декъана кхочу 1,5—2 мм. Дургалгийн тӀехулара тӀетоьхнарг 0,2 мм йеха, гатйелла а, ирайелла а, лахарниг 0,75 мм, цхьалха йа шина декъех[4].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Arctium lappa L. — Лопух большой. БИН РАН. ТӀекхочу дата: 2023 шеран 6 февраль.
  2. lappa — баьӀан латинан цӀе. — Ботанико-фармакогностический словарь: Справ. пособие / К. Ф. Блинова, Н. А. Борисова, Г. Б. Гортинский и др.; Под ред. К. Ф. Блиновой, Г. П. Яковлева. — М.: Высш. шк., 1990. — С. 206. — ISBN 5-06000085-0.
  3. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху БФС тIетовжаран текст йазйина йац
  4. 1 2 3 4 5 6 7 8 Юзепчук С. В., Сергиевская Е. В. Лопух — Arctium // Флора СССР / Ботанический институт имени В. Л. Комарова Академии наук СССР; Начато под руководством и под главной редакцией акад. В. Л. Комарова; Редакторы тома Б. К. Шишкин и Е. Г. Бобров. — М.—Л.: Изд-во Академии наук СССР, 1962. — Т. XXVII. — С. 97.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]