АргӀаной
Къена тайпа | |
АргӀаной | |
---|---|
Кхин цӀерш | Арганой, АргӀной, ОргӀаной, Органой |
Этноиерархи | |
Раса | кавказан |
Тукхам | нохчмахкахой |
Йукъара хаамаш | |
Мотт | нохчийн меттан нохчмахкахойн лер |
Йоза | Кириллица |
Дин | ислам (сунниташ) |
Къам | нохчий |
Таханлера дӀасакхалхар | |
Росси: хууш дац Нохчийчоь: хууш дац |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• шира. мохк Нохч-Мохк |
АргӀаной — нохчийн тайп, ширачарех нохчийн цхьа тайп. Схьадалар ду ЦӀонтарара Арсанука-моллегара а, Нохч-Мохк къеда хилла волу Ш.Каратаевгара а «Нахчуван юьртара нохчийн дай схьабовларх лаьцна тептар» цӀе йолчу тептар тӀехь вуьйцучу Аргунах (АргӀун)[1]. Дукхаха болу АргӀаной беха Нохчийн Республикин Теркйист кӀоштара ЧӀулга-Юьртахь XVIII бӀаьшера шолгӀачу декъехь дуьйна. Тайпана латташ ду Ножий-Йуьртан кӀоштан къилба-малхбалехьа. АргӀаной мехкан доза ду Бенойн а, ДаргӀан а латташца.
Дукхаха болу АргӀанойн тайпана нах J2[2] гаплотобан йукъа богӀу.
Аланийн историка Аздин Вазара (1395—1460 гг.) шен тептар тӀехь[3] хьахийна АргӀаной тайп Арваной цӀарца. Тептар шира хиларо тайп шира хилар гойту.
Некъий
[бӀаьра нисйан | нисйан]ГӀенаш-некъий, Момаш-некъий, Мисарби-некъий, Бисолти-некъий схьабевлла Тутарбекан Ӏелийн берийн берех. ГӀенаш-некъий[4] схьабевлла Беркаханан Тутарбекан Ӏелийн Ӏелабаган кӀантах ГӀенашах. ХасановгӀеран Шамила еллачу ДНК тесто гайтина некъий J2[2] гаплотобанера хилар. Беха ЧӀулга-Юртахь а, ГӀулозехь а. ГӀенаш некъех йолу фамилеш: Адиев, Дадаев, Дукаев, Темиев, Оздиев, Хасанов, Цамаев, Эдильсултанов.
Момаш-некъий
[бӀаьра нисйан | нисйан]Момаш-некъий[5] (Момаш а, ГӀенаш а ши ваша хилла) схьабевлла Беркаханан Тутарбекан Ӏелийн Ӏелабаган кӀантах Момашах. Беха ЧӀулга-Юртахь а, Серноводскехь а, Соьлжа-ГӀалахь, УстаргӀордой-ГӀалахь. Момаш некъех йолу фамилеш: Алиев, Амаев, Арбиев, Арсемиков, Арсенгириев, Асхабов, Багалов, Бараханов, Бацаев, Бисаев, Вакаев, Висаитов, Ганишев, Дадаев, Дакаев, Джабаев, Дулуев, Закаев, Закриев, Земиев, Исмаилов, Кациев, Китлуев, Магомадов, Мальцагов, Мамушов, Махмадиев, Межидов, Мислаев, Нунаев, Рааев, Раев, Раилов, Тазбиев, Такуев, Тасуев, Товсултанов, Хашиев, Хунигов, Хусамбиев, Эльмурзаев, Эльпашев, Яхъяев.
Мисарби-некъий
[бӀаьра нисйан | нисйан]Мисарби-некъий[6] схьабевлла Беркаханан Тутарбекан Ӏелийн ГӀурман доьзалех. Ахмадов Германа, Кадиев Сайд-Мохьмада, Хамидов Адама еллачу ДНК тесто гайтина некъий J2[2] гаплотобанера хилар. Беха ЧӀулга-Юртахь, Ӏалхан-Юртахь. Мисарби-некъех йолу фамилеш: Абдулазидов, Абдулазиев, Апкаев, Аслаханов, Ахмадов, Ахмаров, Бетербеков, Везиров, Висханов, Газимов, Дешиев, Джантемиров, Дукаев, Закаев, Заурбеков, Кадиев, Лалиев, Магомадов, Мацаев, Мидаев, Омпаев, Сайдхасаев, Сугаипов, Сугайпов, Суипов, Усманов, Хажмурадов, Хамидов, Хасбулатов, Хасиев, Шакарбиев, Шахтамиров, Шоипов.
Бисолти-некъий
[бӀаьра нисйан | нисйан]Бисолти-некъий[7] схьабевлла Беркаханан Тутарбекан Ӏелийн Бисолтех. Бисултанов Мохьмада (Муслима) еллачу ДНК тесто гайтина некъий J2[2] гаплотобанера хилар. Беха ЧӀулга-Юртахь. Бисолти-некъех йолу фамилеш: Адиев, Ахмадов, Бисултанов, Гарсиев, Даудов, Джагаев, Жамолаев, Жовтханов, Магомадов, Тирбулатов, Хажмурадов, Хасаев, Эдильсултанов.
Баймарзи-некъи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Баймарзи-некъий[8] Махмудов Русланбека еллачу ДНК тесто гайтина некъий J2[2] гаплотобанера хилар, уьш ГӀенаш, Момаш, Бисолти, Мисарби некъийн уллора гергара хилар а. Беха ЧӀулга-Юртахь а, ШаӀмин-Юртахь а. Баймарзи-некъех йолу фамилеш: Ахмаров, Ахтаханов, Баймурзаев, Дакаев, Дакуев, Дудаев, Каримов, Килоев, Магдаев, Магомадов, Махмудов, Межидов, Мудаев, Ташаев, Ульбиев, Цицаев, Шидаев.
Беркий
[бӀаьра нисйан | нисйан]Беркий[9] - шена даьлла къона тайпа. Гандаров Ахьмада еллачу ДНК тесто гайтина некъий J2[2] гаплотобанера хилар. Беха ЧӀулга-Юртахь, Горагорскехь, Давыденкохь. Беркойн фамилеш: Алиев, Алсултанов, Ахмаров, Ахмедов, Ахтаев, Бакаров, Бетерсултанов, Гандаров, Гинаев, Духаев, Жетиев, Магомадов, Маигов, Малаев, Миколаев, Мицаев, Музаев, Осмаев, Решидов, Солтаев, Тарамов, Хункаев, Шабаев, Шамаев, Юсупов.
Ӏамарха-некъий
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ӏамарха-некъий[10] беха ЧӀулга-Юртахь, ГӀулозехь, ТӀехьа-МартантӀехь, Гихтахь, Герз-Эвлахь, Соьлжа-ГӀалахь. Асхабов Ӏелас еллачу ДНК тесто гайтина некъий J2[2] гаплотобанера хилар Ӏамарха-некъех йолу фамилеш: Абубакаров, Апаев, Аргиноев, Асхабов, Ахмаров, Ахтаев, Гелиханов, Кадыров, Куркаев, Лакаев, Макаев, Межидов, Мерзуев, Сайдулаев, Султаев, Тепсуркаев, Товсултанов, Умаров, Хамидов, Хасаханов, Хусаинов, Шовхалов, Эзербиев, Эзерханов.
Ӏабдулхьамид-некъий
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ӏабдулхьамид-некъий[11] беха Гихчохь. Ӏабдулхьамид-некъех йолу фамилеш: Абдулмежидов, Алауддинов, Бисултанов, Жаналов, Ибалаев, Кутузов, Ясуев.
Джами-некъий
[бӀаьра нисйан | нисйан]Джами-некъий[12] беха Цоцин-Эвлахь. Джами-некъех йолу фамилеш: Хиреханов.
Хьасай-некъий
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьасай-некъий[13] беха ДаргӀахь, Беркат-Юртахь, УстаргӀордой-ГӀалахь. Болтукаев Юсупа еллачу ДНК тесто гайтина некъий G[2] гаплотобанера хилар. Хьасай-некъех йолу фамилеш: Болтукаев, Сайдалханов.
Шиди-некъий
[бӀаьра нисйан | нисйан]Шиди-некъий[14] беха Эвтарахь. Шиди-некъех йолу фамилеш: Джангириев, Джантамиров, Музаев.
Кхин а ду гараш Гермчигахь а, Курчалой-Эвлахь а, Рошни-Чохь а.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]АргӀаной (АргӀуни) юртара исторера
[бӀаьра нисйан | нисйан]АргӀаной юртан 900 шо гергга ду[15]. АргӀанойн историн уьйр ю Шем (Сири) пачхьалкхаца. Тептаро дуьйцу, Ӏаьрбийн Халифата шеш схьабаьхначу махкашка шайн нах (СаӀидаш — пайхӀамаран, соллаллохӀу ӀалайхӀи васаллама, гергара а, уллора а нах, я цуьнан сахьабаш) ховшабора. Царех цхьана тобано, Халебера Аргун хьалха а волуш, дӀалаьцна хӀинцалера аргӀнойн латта. Схьадийцарехь АргӀана йиллана 1116 шарахь.
АргӀанойн дайша дийцарехь, вайга кхаьчнарг хӀара ду:
Генара Шема махкара (хӀинца Сири а, Урдане а) АргӀаной дай (къурайшех волу да кхаа кӀантаца) ХI бӀешарахь дин даржош баьхкира таханалера ДегӀастанан махка, Ишхеш дукъ тӀехь Аргуни юрт а кхоьллира. Цхьа кӀант Аргунихь висира, шен деца, церан тӀехье хӀинца а ехаш ю цигахь, ткъа шолгӀаниг Нашха охьахиира. КхолгӀаниг Юккъера Ази дӀавахара (кхазакхашна йукъахь ду АргӀын джуз). Дукха АргӀаной дӀасабахара цхьацца бахьнашца Нохчийчоьна аренашкарчу юьрташка. А.Сулеймановс, Орга боху гидроним йаьлла хила мега боху АргӀо я Арго цӀарех, иза дусту цуо Арагви хица[16]. Каратаев Шамилан тептарехь дуьйцу, нохчийн дайша шаьш Орган бердаш тӀе хевшича, дуьнен тӀеваьллачу кӀантана Аргун цӀе тиллира. Оцуо Ӏилманчин ойла нийса йогӀуш хилар чӀагӀдо. АргӀаношца уггар уллор гергарло долу тайпанаш: Нашхой, Чартой, ЦӀикарой, Чубаьхкинарой.
АргӀаношца уьйр йолу топонимаш[17]
[бӀаьра нисйан | нисйан]Шаройн Орга — хи схьадолу АгӀонан дукъан къилбаседа басара Кочие шаш тӀийра, ЧӀаьнтийн-Органах кхета ЧӀишка юртана уллохь. Шен цӀе этноним — Шорах а, Органах а, схьайаьлла, уьш Сулейманов Ахьмада ойланца, АргӀо я Арго тӀе йогӀу. Дуста Арагвица (Гуьржий-Мохк)[18]. Шаройн-Органа бассейнехь дара нохчийн йукъараллаш: Сандаха, КӀесала, Шикъара, Шора, ДӀай, Хуланда, Кири, ХӀима, ЧӀайра, Хьакхмада, Нижала, Бути, Нохч-КӀиела, Саьрбала кхин а.
Оргуне (ОргӀуне) — Шара-Орга аьтту берда тӀиера юрт, ДӀайн масех километр къилбаседа-малхбузехьа; цуьнан латта доза долуш ду ДӀай, Буосой-овла, Сурукха, Хьала-КӀиела, Саьрбала эвланашца. Гамас (ГӀамас) а, цуьнан кӀенташа — Келамата (воккханиг), МуцӀийс, Мусолта а кхоьллина лору[16].
Оргунахойн ахк — Шаройн-Органа аьтту га.
Оргунахойн хьун — 7 км шуьйра, 12 км еха, Оргуне юьртара бахархойн хьун[16].
ДаьргӀа — Нохчийчура Веданан кӀошт. Ясси хина аьтту берда тӀехь ю, БелгӀатан доьххьала. ДаьргӀара бахархой геннара сха герз даран говзаллица гӀарабевлла бара. Имам Шемал шен хенахь даьргӀахой эскаре бигарх бовлуьйтуш хилла, цаьрга даиман а тӀеман герз дайтархьама. Беха кхузахь масийтта тайпана нах. «Дай» «АргӀа» боху маьӀана хила мега топониман, хӀунда аьлча кхузахь бехаш бу алссама АргӀаной, ткъа АргӀана географически уллохь а ю.
Аздин Вазар а, цуьнан тептар а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Аланин историкан Аздин Вазаран[3] да хилла монголийн-гӀезалойн эскарехь баьччан даржера эпсар. Ваьхна иза гӀезалойн коьртачу шахьарехь Сарайхь, амма, церан дай схьабовлар хилла аланийн тайпанах нохчех. Аздин Вазара дешна Сарай гӀалахь. Вина АстагӀа Тимар къизчу тӀамца Кавказехула чекхваьллачу хенахь, 1395 шарахь, ткъа велла 1460 шарахь, 65 шо долуш. КӀоргера деша дӀавахана бусулбачу мехкашка, дешна Мисрехь, Персехь, Турцехь. Аздин Вазар гӀиртина ислам даржо нохчашна йукъахь, амма цуьнан аьтту ца баьлла оцу дикачу балха тӀехь, хӀунда аьлча оцу хенахь ломан аланаш (нохчаша) ши дин лелош хилла: цхьана декъо – керстаниг, ткъа шолгӀачо – магос цӀера дин. Аздин Вазаран аьтту ца баьллехь а бусулба дин даржо, амма цуьнан аьтту баьлла мелла а шен хаарш а, Ӏилма а даржо нохчашна йукъахь. Аздин Вазара шен тептарехь буйцу аланийн мохк, лаьтташ болу Кура хин а, Тушетин а, Алазанан а, Азербайджанан а къилбаседехьа, Теркан хьостан къилбаседехьа, цуьнан готта Ӏинан (Дарьяла) а, Теркан къилбаседехьа долчу латташца, Сотай акъарие тӀера Каспийн хӀорд тӀе кхаччалц, шена чу балабо Идална а, Дон хина а къилбехьара мохк. Тептар тӀехь хьахайо аланийн нах беха меттигаш: Мажар, Дади-Ке, Баланжар гӀап, Балх, Малка, Нашах, Макажа, ОргӀун, Къилбах, Терки, ткъа иштта буьцу Теркан хикхочера (Каспийн хӀордах кхетачура) мохк, йукъаялайо Кешан акъари а, Нохчийн гӀайре а. Юккъерчу бӀешерийн авторо ца къастабо нохчий аланех, цхьа къам лору уьш. Шен тептарехь Аздин Вазара хьахийна тайпанаш а, йукъараллаш а:
- Адой
- Аздой,
- Шейшой,
- КӀайнажой,
- ДӀайхой,
- Хой,
- Сакхой,
- Садой,
- Ваной,
- Малхой,
- Нашой,
- Асой-Асхой,
- Аной,
- ГӀойтӀой,
- Артой,
- Мартой,
- ЦӀерасаккхой,
- Меда-Адой,
- Назрой,
- Бартой-Бартлой,
- Арваной,
- Ширваной,
- КхеладӀай,
- Ӏадой,
- Ӏедой,
- ГӀундукъой,
- Ташхой,
- Сартой,
- Гелой,
- Сийлой,
- Суберой,
- ГӀардой,
- МазигӀутой,
- Вандлой,
- Кештой,
- Албаздукъой,
- Аршой,
- Сиброй,
- Нашхо,
- Нахаш,
- Ахшой,
- Вахш,
- Тханах,
- Байнах,
- Мартнах,
- Нартнах,
- Авхаш,
- Ножашийн,
Оцу топонимийн а, цӀерийн а доккхаха долу дакъа хӀинци а долуш ду нохчийчийн а, гӀалгӀайн а акъари тӀехь а, лаьмнашкахь а.
ГӀарабевлла АргӀанойн тайпана нах
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Салихов Джаьнтамар-Хьаьжа[19] — гӀараваьлла Ӏеламстаг, шайх, кхелхина 18.03.1904. Каш ду ЧӀулг — Юртахь.
- Мисарбиев Джансу-Хьаьжа[19] - Ӏеламстаг, кхелхина 1902. Каш ду ЧӀулг — Юртахь.
- Юсупов Хьабар (Хьабар-молла)[20] — гӀараваьлла Ӏеламстаг, шайх. Каш ду Йоккхачу АтагIахь.
- Джанхотов Мохьмад — ЧӀулга-Юртан вахархо, Брестан гӀап ларъярхо, тӀепаз вайна.
- Закаев Шарпудди[21] — ЧӀулга-Юртан вахархо, Брестан гӀап ларъярхо, гӀап чохь кхелхина.
- Исраилов (Кадиев) Мохьди[22] — ЧӀулга-Юртан вахархо, Брестан гӀап ларъярхо, тӀепаз вайна.
- Мидаев (Мунаев) Муса[22] — ЧӀулга-Юртан вахархо, Брестан гӀап ларъярхо, тӀепаз вайна.
- Паттахов Авади — ЧӀулга-Юртан вахархо, Брестан гӀап ларъярхо, тӀепаз вайна.
- Халадов (Хамидов) Хьусайн[23] — ЧӀулг — Юртан вахархо — Брестан гӀап ларъярхо, тӀепаз вайна.
- Хамидов Ӏабдул-Муслим Ахтаевич — ЧӀулга-Юртан вахархо, Брестан гӀап ларъярхо, тӀепаз вайна.
- Багалов Мутуш Генаевич[24][25][26] — ЧӀулга-Юртан вахархо — лахара лейтенант, 1941 шарахь Сталинградан тIамехь дакъа лаьцна, 1942 ш. мукъаваьккхина, тIаьхьа 1943-1944 шерашкахь Теркан кIоштехь болх бина ЧГIХК хьаькам даржехь.
- Багалов Махьмуд Мутушович[27][28][29] - ЧIулг — Юртан вахархо, шиъ институт чекхъйаьккхина, Америкин колледжехь дешна. 1991-1996 шерашкахь Нохчийн Республика Нохч-Мохкн Парламентан депутат, 1995-1996 шерашкахь НРИ Арахьарчу ГIуллакхийн Министраллин Америкин Цхьанатоьхначу Штаташкахь волу векал, АЦШ вахархо.
- Багалова, Зулейха́н (Зулай) Муту́шевна — нохчийн актриса, Нохч-ГӀалгӀайн АССР-н Халкъан актриса (1981 шо), РСФСР-н Хьакъдолу артист (1991 шо).
- Хамидов, Баудин Хожаевич[23][30] — ОАО «Грознефтегаз» генералан директор, "Соровскнефть" генералан директор.
- Хажмурадов, Ӏайнди Алиевич (1955 шеран 25 май) — нохчийн йаздархо[31], поэт[32], 1983 шарахь дуьйна ССРС журналистийн бертан декъашхо, 2014 шарахь дуьйна Российн йаздархой бертан декъашхо, 1976 шарахь Германера Дрезден гӀалахь хиллачу ерригевропан хелхаран фестивалан лауреат, вайнехан «Лаьмнийн Поэма» цӀе йолу хелхар хӀотторна мидал а луш.
- Ибуев Рамзан[33][34][35] — Нохчийн Республикин Коьртан динан а, къоман а политикин хьехамча.
- Амаев Махьмуд[19][36] — революци хиллачул тӀехьа СССР пачхьалкхехь дуьххьала маьждаг дан дагадеънарш а, иза деш шайн бахамца дӀакъа лаьцнарш а.
- Хасанов Шамсуддин[37] а — революци хиллачул тӀехьа СССР пачхьалкхехь дуьххьала маьждаг дан дагадеънарш а, иза деш шайн бахамца дӀакъа лаьцнарш а.
- Гарсиев, Хьамзат Ӏелин кӀант (вина 2001 шарахь Луцкехь) - Луцкан "Волынь" командин тӀелатархо, тайпана аргӀано.
-
Хамидов Баудин
-
Хажмурадов Ӏайнди
-
Багалова Зулай
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Кадиев (Мисарбиев), 2007, с. 120-123.
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 http://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
- ↑ 1 2 Газета «Республика» от 14 февраля 1991 года.
- ↑ Кадиев (Мисарбиев), 2007, с. 32,33,55-59,99-100.
- ↑ Кадиев (Мисарбиев), 2007, с. 32,34-39,60-78,101-109.
- ↑ Кадиев (Мисарбиев), 2007, с. 32,40-49,79-93,110-109.
- ↑ Кадиев (Мисарбиев), 2007, с. 32,50-54,94-98.
- ↑ Кадиев (Мисарбиев), 2007, с. 137-143,154-156.
- ↑ Кадиев (Мисарбиев), 2007, с. 111-123.
- ↑ Кадиев (Мисарбиев), 2007, с. 124-136..
- ↑ Кадиев (Мисарбиев), 2007, с. 144-147.
- ↑ Кадиев (Мисарбиев), 2007, с. 147-150.
- ↑ Кадиев (Мисарбиев), 2007, с. 151-153.
- ↑ Кадиев (Мисарбиев), 2007, с. 137.
- ↑ Тахнаева П.И., "Аргвани.Мир ушедших столетий", Москва, "Восточная литература", 2012, стр.13-42.
- ↑ 1 2 3 Сулейманов А. С. «Топонимия Чечни», Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997
- ↑ Ахмедов С.Д., "Краткий исторический обзор о чеченском тайпе Арганой (АргIаной), Знаменское, ГУП "Надтеречная межрайонная типография", 2008, стр.14-15.
- ↑ Сулейманов А. С. «Топонимия Чечни», Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997, стр.142
- ↑ 1 2 3 Духаев А.И., "Эпоха шайхов", Элиста, "Джангар", 2007, стр.162-172.
- ↑ Духаев А.И., "Эпоха шайхов", Элиста, "Джангар", 2007, стр.162.
- ↑ Кадиев (Мисарбиев), 2007, с. 26, 34.
- ↑ 1 2 Кадиев (Мисарбиев), 2007, с. 26, 84.
- ↑ 1 2 Кадиев (Мисарбиев), 2007, с. 28, 85.
- ↑ https://www.geni.com/people/Мутуш-Багалов/6000000037718095002
- ↑ http://lists.memo.ru/d3/f27.htm
- ↑ Кадиев (Мисарбиев), 2007, с. 73.
- ↑ https://www.youtube.com/watch?v=T5t_v_hLx3Y
- ↑ http://artofwar.ru/w/woronin_a_j/prawitelxstwodudaewamart1994goda.shtml
- ↑ Кадиев (Мисарбиев), 2007, с. 23, 72.
- ↑ Баудин Хамидов назначен генеральным директором ООО «Соровскнефть» 25 Авг 2016
- ↑ http://mk-chr.ru/press-sluzhba/arhiv-news/825-id825 Архивйина 2018-07-26 — Wayback Machine
- ↑ https://www.culture.ru/events/272476/koncert-yazyk-dusha-naroda
- ↑ http://www.chechnya.gov.ru/page.php?id=4932&r=126 Архивйина 2014-09-08 — Wayback Machine
- ↑ http://www.info-islam.ru/publ/novosti/rossiya/ramzan_kadyrov_islam_v_umakh_molodezhi_dolzhen_zanjat_glavenstvujushhee_mesto/1-1-0-208
- ↑ Кадиев (Мисарбиев), 2007, с. 26.
- ↑ Кадиев (Мисарбиев), 2007, с. 23, 75.
- ↑ Кадиев (Мисарбиев), 2007, с. 28, 55.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Герейханов Г. П. Угрозы национальной безопасности России на Северном Кавказе : (Этноконфессиональный аспект) : монография. — Москва: Граница, 2004. — 179 с. — ISBN 5-94691-100-7.
- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Нальчик: «Эль-Фа», 1997. — 682 с. — 1000 экз. — ISBN 5-88195-263-4.
- Идрисов Р. И. Салатавия - дир чӀухӀи. — Махачкала: ИД «Эпоха», 2005. — 274 с.
- Кадиев (Мисарбиев) С.-М.Х. "Краткая история и генеалогия тайпа АргIаной". — Знаменское: ГУП "Надтеречная межрайонная типография", 2007.
Хьажа. кхин
[бӀаьра нисйан | нисйан]ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |
ХӀара Нохчийчоьх лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |